Сочинение по чеченскому языку «Родной язык-моя гордость»
Международные дистанционные “ШКОЛЬНЫЕ ИНФОКОНКУРСЫ”
для дошкольников и учеников 1–11 классов
Мотт адамийн дахаран хазна ю. Иза адамаш массо а аг1ор вовшех кхетош болу Дала вайна белла тамашийна г1ирс бу.
Дуккха а ду дуьненахь меттанаш, ткъа царна юкъахь шен меттиг д1алоцуш, къаьсташ вайн нохчийн мотт бу.
Вайн мотт г1иллакхе а, оьзда а бу, мерза а бу. Иза къоман са, адамаллин куьзга а ду. Мотт вай лар ца бахь, цуьнан сий ца дахь, вайн къоман сий а дужур ду. Цундела вайна беза, вай 1амабо вешан нохчийн мотт.
Мотт д1абаьлча халкъан тезет, ловзар-синкъерам, дика-вон д1адолу. Уьш д1адевллачу халкъах халкъ ала йиш яц. Вайн халкъах, вайна кхане а йолуш, халкъ хила лаахь, уггар хьалха нохчийн мотт, олуш махиллара, баьрчче баккха беза вай. Шен мотт ца безачунна шен къам а, мохк а безар бац.
Цуруев Ш. «Нохчийн мотт эцна бац базарахь» ц1е йолу стихотворенехь боху:.
Акха яр санна и ца баьлла бацалахь,
Боьжна бац стиглара, эцна бац базарахь.
Цхьаьнггера юхалург баьккхина бацара,
Кхоьллина хилла и вайн дайшна азаллехь.
Ас лору дуьненахь мел долу меттанаш,
Нохчийн мотт даима сан оьзда дозалла
1ожаллин цамгаро д1алаьцна меттахь 1аш
Цу маттахь дийр ду ас весет а доьзале…
Муха хир ву дуьненахь уггаре а сийлахьчу Ненан мотт цабезарг и бийца цалуург, и къен хетарг.
Мел халахеташ делахь а, ишттанаш а нисло вайна юкъахь. Цхьаццаволчо дозаллица къамел до, шена ненан маттахь еша а, яздан а ца хаьа, бохуш.
Ткъа дуьненахь а воккхачу оьрсийн яздархочо Л.Н.Толстойс аьлла хилла:
«Нохчийн мотт уггаре а хазачу а, хьалдолчу а меттанех цхьаъ бу, нагахь кхоччуш дика иза хууш хьо велахь».
Ненан мотт…Доккха маь1на лоцу оцу шина дашо шайна чу.
Вай дайшкара схьадеъна вай хаза г1иллакхаш, оьздангалла, ийман.
Ткъа и шадерриг д1акхехьа оьшург бу ненан мотт. Ненан мотт ларбеш ца хилча, цуьнан сий деш ца хилча, къам д1адолу.
Тахана вай ойла ца йо вай дечу къамелан, олучу дешан. Ларамза вайн багара дуьйла маьттаза дешнаш, дашца чов йо вай ваьшна уллорчунна.
Поэзехь а тидам боцуш ца дисна и санна долу дош.
1. Ахь тхуна оьг1азлой, харцдерггий деъча,
Мел сийсаз бу-кх хьо, адаман мотт!
Ахь тхуна деган и к1езгалла еъча,
Адамашна, лаьттана ца безаш бу хьо,
Наь1алте хуьлда хьо, сийсаза мотт!
2. Ахь тхуна дикалла, нийсо а еъча,
Мел хьоле бу-кха хьо, адаман мотт!
Вайн дегнийн ц1оналла ахь тхуна елча,
Казбекан баххьаш а ахь лалор дара,
Дуьненан хазахетар, адаман мотт!( Яндиев Дж. «Адаман мотт»)
Нана санна, Даймохк беза вайна, цунах девлча тоха са а доцуш. Иштта шен нене, Даймахке санна, хила беза ненан матте болу безам а.
Оьрсийн яздархочо Паустовскийс 1аламат хьекъале а, нийса а аьлла ненан маттах лаьцна ша яздина башха дешнаш:
«…Шен махке болу бакъ безам, шен матте бацахь, маь1на долуш бац!» С айн сочинении ерзош суна дало луур дара вайн сийлахьчу яздархочо, поэта Мамакаев Мохьмада ненан маттахь аьлла дешнаш:
— Везачу Дала ницкъ, хьекъал лойла вайна нийсачу новкъа, шуьйра г1улчаш йохуш, Нохчийн меттан сий-ларам ойбуш, д1адаха.
Источник статьи: http://infourok.ru/sochinenie-po-chechenskomu-yaziku-rodnoy-yazikmoya-gordost-2126075.html
Сочинение » Сан Даймохк»
Международные дистанционные “ШКОЛЬНЫЕ ИНФОКОНКУРСЫ”
для дошкольников и учеников 1–11 классов
Дуккха хаза меттигаш ю вайн Нохчийчохь. И х1ора меттиг шех лаьцна дийца к1ордор доцуш ю. Бакъдерг дийцича-м суна дукхахъерш телевизор чохь бен ца гина. Лекха лаьмнаш, г1овг1анца охьаоьху чухчарийн хиш, хьаннийн исбаьхьалла – и суьрташ сайна гича, со воккхаве вайн иштта меттигаш хиларна, цига кхача боккха лаам бу сан.
Сайн дийцарехь аса юьйцур йолу исбаьхьалла Къоьзан-1ам бу. Ас дуьххьара хьоьстуш хир йоций хаьа суна Къоьзан-1оман цхьа шатайпа хазалла.
Аьхка цига даха аьтто хилира тхан, сайн нийсархоша дийцарехь лаьара суна цига кхача. Кхераме белахь, некъ бах ца белира суна. Цхьа 1адийна стаг санна вара со, оцу меттиган исбаьхьалло цецваьккхина. Телевизор чохь гаррий, хьайн б1аьргийн нуьрца гаррий цхьаъ ца хиллера. Б1аьргашна хьалха х1оьттина сурт цхьа туьйра, цхьа г1ан дара. Суна моьттура: « Х1инца ас б1аьргаш схьадиллича, со сайн ц1ахь хир ву, сайн лехамашкахь». Гуш дерг г1ан дацара. Сийно-баьццара хи, бухара т1улгаш гуш, ц1ена. И хина 1уналла деш санна, цунна го бина аьрцнаш. И дерриг сурт цхьа даг чу ца тарлуш хазахетар дара. Лаьара массо меттиге б1аьрг тоха, хьайн деган к1айле йийца гено лаьттачу б1аьвне. Лекхачу орцана т1е хьалавелира со.
-Эх1 , хьан аьлла х1аваан чам бац,бакъ дац шуна иза, цхьа мерза, хьан накха бузош ду кхузара х1аваъ.
«Э-е-ее-е-й!»- аьлла мохь тоха лууш, цхьа тамашийначу, цкъа суна ца девзачу синхаамаша д1алецира со. Оцу аьхначу х1авао лахдира сан к1адвалар, д1аяьккхира сан даг чуьра есалла. Сан 1алашо- б1ов ах хаьрцина лаьтташ яра, цуьнан пенаш йозанашца къарздинера, т1ехь цхьаццаммо , аса сонта стаг эр дара цунах, ша кхузахь хилла аьлла билгало йитина ваханчух, шен фамили, ц1е яз а йина. Б1аьвнийн пенаш б1ешерашкахь я мохе, я т1еман ирчалле гор ца х1оттаделлера. Цхьа воккха стаг санна, доьналлех дуьззина, шен дахарехь дуккха ирча киртигаш 1иттаелла. Ма дуккха къамелаш дийр дара ца соьга, мохийн шабарца, хинан г1овг1анца. Хаза хенаш юьйцур яра цо, берийн деларх а, маьршачу заманца юьйцина, ткъа х1инца деса ду пенаш а, б1арзделла деса кораш а.
Гонахарчу басешкахь лепаш гора тайп-тайпанчу зезагийн кортош: можа, сийна, ц1ен басарш дара бецашна юккъехь даьржина, сирла басарш 1енийча санна. Дукха генахь йоцуш лаьтташ яра базанийн жима хьун. Ма ирс ду-кх кхузахь 1ачу нехан аьлла хеттачу заманчохь:
— Адам! Ларлуш охьавосса, — аьлла хезира суна сайн ненан аз. Ца лаьара д1аваха, йита х1ара хазна. Делахь а, нене ла ца доьг1ча цаваларна, юхнехьа некъ бира ас, оцу меттигашка вухаван дог-ойла йолуш.
Сайн дийцар чекхдаккхале ала лаьа суна: « Адамаш, дукхачу хьолахь, баккхийнаш, ирсе кхача г1ерта, генахь лоьху цара иза. Ткъа иза юххехь ду — зезагца,б1аьвнаца, эсалчу мохаца, хьан Даймахкаца. Сиха йоьду олу вай зама, ца йоьду — вай ду сиха, б1аьрзе, 1аламах хаьдда. Г1ой вай Къоьзан-1оме, б1аьвнийн туьйранашка ладог1а. Некъ дика хуьлийла вай.
Источник статьи: http://infourok.ru/sochinenie-san-daymohk-1084655.html
Варианты сочинений ОГЭ чеченский язык
Международные дистанционные “ШКОЛЬНЫЕ ИНФОКОНКУРСЫ”
для дошкольников и учеников 1–11 классов
Абдурзаков Ш. шен дешнашкахь гойту нохчийн мотт хьалдолуш хилар.Иза иштта хилар шеко йоцуш ду,х1унда аьлча нохчийн маттахь дуккха а бу пайдаэца йиш йолуш суртх1отторан г1ирсаш.Оцу г1ирсашца муьлхха а ойла йийца йиш йолуш, хазна ю вайн мотт.Х1ара тезис т1еч1аг1ъеш, хьовсур вай Гайсултанов 1.тексте.
Суртх1отторан г1ирсех шуьйра пайдаэцна яздархочо. Масала 15 предложенехь «йиш йоьхна» боху фразеологизм ялайо автора. Оцу меттан г1ирсо вайна хоуьйту, Вадуд цхьана х1уманна сагатдеш хилар.
36 предложенехь ялийначу «дог-ойла юьйхира» фразеологизмаца говза гойту Гайсултановс мел халонга даьлла к1антана ша кехат аннаш юккъехула чудожадар.
Цу тайпа текстера масалшка хьаьжча, вайн т1еч1аг1дан йиш ю нохчийн мотт «башхачу жовх1арех юьзна йоккха хазна» хилар.
П.К. Услара шен дешнашкахь боху: «Нохчийн мотт къен хетар даржош берш цунах цхьана а кепара кхеташ боцу нах бу. Мелхо а, и мотт, шен г1оьнца адаман ойланан уггаре к1орггера аг1онаш а йийцалур йолуш, ч1ог1а хьалдолуш бу». Цуьнан дешнашца реза ца хила хала ду. Муьлхха ойла, синхаам, хьайна хетарг нийса а,говза а гайта йиш ю вайн маттахь тайп-тайпанчу г1ирсех пайда а оьцуш: метафорех, эпитетех, дустарех и д1.кх. а.
Оцу г1ирсех шуьйра пайдаэцна Ахмадов Мусас шен текстехь.Масала 26 предложенехь ялийна «т1ера б1аьрг д1а ца боккхуш» фразеологизм. Цуьнца автаро исбаьхьчу кепехь гойту вайна текстан турпалхо леррина шена гучу суьрте хьоьжуш хилар.
Текстан 27 предложени ешча кхин цхьа суртх1отторан г1ирс карабо вайна « кхохкийна юьхь» боху эпитет. Оцу эпитетах пайдаэцарца гойту вайна яздархочо Леча шена гучух ч1ог1а цатам хилла, реза воцуш хилар.Цул совнаха кхузахь хаало вайна иза нахах дог лозуш, къинхетаме стаг хилар.
Вайна ма-гарра Ахмадов Мусас шен текстаца тоьшалла до нохчийн мотт хаьлдолуш а, хаза а хиларан.
Къинхетам – иза адаман синхаамех коьртачарехь цхьаъ бу.Кхечу адамна, гонахарчу 1аламна хуьлуш йолу г1ело бен ца хеташ, дог лазар ду аьлла, хета суна иза.
Сан кхетамехь къинхетаме стаг иза , ас лакхахь ма-аллара кхечуьнга деанчу вуонна юьстах а ца лаьтташ, цуьнан дог оьцуш, дашца а, г1уллакхца накъосталла деш верг ву.
Масала Абубакарова П. текстехь го вайна лазийначу кхокханна орцахъялла жима йо1. Хеда къинхетаме хилар ду иза. Яздархочо вайна иза гойту 9 предложенехь.
Дахарера масал далош, лакхахь ялийна ойла т1еч1аг1ъеш, ала лаьа вайн паччахьах дош. Цомгушчарна, мискачарна г1о деш, царех дог лозуш, царна г1о-накъосталла деш схьавог1уш ву Рамзан Ахматович.
Цу т1ера схьа жам1 дан йиш ю вайн къинхетам адаман амалехь сийлахьчарехь цхьаъ хилар.
Выберите книгу со скидкой:
ОГЭ. География. Новый полный справочник для подготовки к ОГЭ
Математика. Новый полный справочник школьника для подготовки к ЕГЭ
Дошкольная педагогика с основами методик воспитания и обучения. Учебник для вузов. Стандарт третьего поколения. 2-е изд.
Считаю и решаю: для детей 5-6 лет. Ч. 1, 2-е изд., испр. и перераб.
Начинаю считать: для детей 4-5 лет. Ч. 1, 2-е изд., испр. и перераб.
Считаю и решаю: для детей 5-6 лет. Ч. 2, 2-е изд., испр. и перераб.
Пишу буквы: для детей 5-6 лет. Ч. 2. 2-е изд, испр. и перераб.
Русско-английский словарик в картинках для начальной школы
ОГЭ. Литература. Новый полный справочник для подготовки к ОГЭ
ЕГЭ. Английский язык. Новый полный справочник для подготовки к ЕГЭ
Рисуем по клеточкам и точкам
ЕГЭ. Информатика. Новый полный справочник для подготовки к ЕГЭ
БОЛЕЕ 58 000 КНИГ И ШИРОКИЙ ВЫБОР КАНЦТОВАРОВ! ИНФОЛАВКА
Инфолавка — книжный магазин для педагогов и родителей от проекта «Инфоурок»
Источник статьи: http://infourok.ru/varianti-sochineniy-oge-chechenskiy-yazik-1528723.html
Сочинение по чеченскому языку «Даймохк»
Международные дистанционные “ШКОЛЬНЫЕ ИНФОКОНКУРСЫ”
для дошкольников и учеников 1–11 классов
Даймохк! Иза дешнийн гуламна юкъахь уггаре а деза а, сийлахь а дош ду, «Даймохк» аьлча Казахстанехь, Киргизехь бІаьргаш тІунлора вайн дайн,нанойн. Мел гена белахь а, Даймохк вайн хилар бахьана долуш дисира къам хІаллак ца хуьлуш, хІу ца довш. Леш верг, вала вижинарг, Даймохк цхьамма хьахийча, хьалагІоттура: сан вала йиш-м яц, Даймохк а ца гуш, – олий. Мацалла кІелвисинарг а, гІоттий, волалора. Оцу дашо гІора а, ницкъ а лой, гІаттавора иза…
Лело, дІакхехьа еза а, хала а цІе ю иза. Атта дац и цІе ларъян.. «Кхо хІума ду дуьнен чохь даима а цхьаьна а хила дезаш, вовшех даьхча кхоь а леш: Даймохккий, ненан моттий, халкъий. Тхо-м – нохчий, гІалгІай – Казахстанехьчул чомехь даа, цигахьчул дезаниг, хазаниг тІедуха ца даьхкиний тхешан махка, цІа, карахь-куьйгахь а, тІехь а доцуш. Тхо цІа оьху, Даймохккий, ненан моттий, тхешан къаммий цхьаьний бен мегаш дацарна» аьлла ,Сулейманов Ахьмада.
Эзар жовхІарна юккъера цхьа жовхІар харжа таро хуьлу. Эзар динна юккъера цхьа дин харжа а таро хуьлу, ткъа Даймохк харжа а, хийца а таро йолуш бац. Иза хІора стеган а, къоман а цхьаъ бен хуьлуш бац. И цхьаъ бен боцу Даймохк йоІбІаьрг санна ларбан, Іалашбан беза, хІорамма шен са, хаарш, похІма, хьуьнар, доьналла, говзалла, кхоа а ца деш, дІадала деза.
Дуьнен чохь къонахий мел дукха белахь а, къам доцург къонах вац, шен бийца къонахий боцург къам дац. Дуккха а адамех къам ца хуьлу.
Нохчи нанас шен дуьххьара дуьнен чу ваьллачу кІантана ша йойтуш хилла зарговзе шаьлта. Шен кІант мара а вуллий, йоьдуш хилла иза зарговзан пхьалгІа. Цунна бІозза хьалха гинехь а, кІант дІагойтуш хилла: «ХІокху сан кІантана шаьлта е. Мах кхоор бац ас», – олий. Зарговзаца барт а бой, хан а юьллий, шаьлтана эчиг кечдайта юха а йоьдий, левси кховсуш, зарговзан гІоьнца варзап тухуш, нуьйжа екош, гІо деш хилла нанас, шен кІантана варзапан а, жІаьвнан а, нуьйжанан а гІар-гІовгІа а хозуьйтуш, цунна гойтуш. ТІаьххьара кхин цкъа кхерчахь цІий а йойтий, шен аьрру агІорхьара накха (тІар) гучу а боккхий, иза шен куьйга Іовдий шурин кІеж тухуш хилла цо цІиеллачу шаьлтанна тІе. Шура, йогий, кІур эккхаш хилла, тІаккха ша, шен аьтто куьйга схьа а оьций, шийлачу мохехь, шок йоьттуьйтуш ластайой, шелъеш, яхчош хилла. Шаьлтанан эчигана тІехь ненан шурин томмагІанаш дуьсуш хилла. ойла ейша, «Ойла ейша, нохчий! Муха хила веза шен ненан шурица яхчийна шаьлта карахь йолу кІант?! Муха хила еза шен кІант иштта Даймехкан дуьхьа ваха а, вала а кечвеш хилла нана? Сий дейша вайн Ненан! Иза ю-кх нохчийн халкъан зІенан чІуг ца ходуьйтуш латтош ерг!
«Даймахкана хьалха гуора лаьттина со дукхазза. эхь а ца хеташ! сайн нанна хьалхагуора лаьттина со дукхазза. Эхь а ца хеташ! Цо сайна пурба делча бен гена новкъа ца ваьлла, дан дагалаьцна доккха гІуллакх дола а ца дина. Даймохк дага беача вилхина со, эхь а ца хеташ! Даймахках къаьстича, къастийча вилхина со къайлах, эхь а ца хеташ! Даймахка со юха цІа кхаьчча, вилхина со, эхь а ца хеташ! Амма ца вилхина мацвелча а, гІелвелча а, мел йоккха харцо сайна тІетаІийча а, мел боккха сайна иэшам хилча а, зен хилча а.»(Сулейманов А.)
«Даймохк»! ЙоІбІаьрг санна, ларбелахь вайн ненан мотт. Деша дезачохь «Бисмилла» вайн ненан маттахь дешалахь, хьо дуьнен чохь мел деха, лечу сохьтехь «Ясин» а нохчийн маттахь деша Іамавелахь массо а! Амма:
«ЦІийца цхьаьний бІаьрхиш ийна,
Весет ду сан, кхана лахь:
ЦІий хуьйдинчу вайн Даймахкахь
ЦІий ма Іанадайталахь!».(Сулейманов А.)
Сан сийлахь Даймохк! Дайша йо1-б1аьрг санна ларбина хьо.Хьо маьрша,оьзда гаре сатуьйсуш ц1енчу нигатца яккъаш йихкина Делан дуьхьа ,эгна вай к1ентий.
Шовданаша ц1анбина т1улгаш санна,буса къаьсттина серла богу Къилбаседа санна ,1уьйренаш ,суьйренаш мел ю эзарний шерашкахь ехийла хьо-сан Нохчийчоь!
Источник статьи: http://infourok.ru/sochinenie-po-chechenskomu-yaziku-daymohk-1867559.html