Открытый урок по чеченскому языку на тему «Дешан х1оттам. Суффикс».
Международные дистанционные “ШКОЛЬНЫЕ ИНФОКОНКУРСЫ”
для дошкольников и учеников 1–11 классов
Оргвзнос: от 15 руб.
Выбранный для просмотра документ СУФФИКС.pptx
VI Международный дистанционный конкурс «Старт»
- 16 предметов
- Для учеников 1-11 классов и дошкольников
- Наградные и подарки
Описание презентации по отдельным слайдам:
МАЬЛХ-АЬЗНИ Дешар ю серло, Ца дешар -1аьжа бода, Доьшур ду оха дика, Ца хилийта дахар Боданах тера
Дешар-серло, ца дешар-бода.
Ц1ена язъяр. -Х1етал-метал хаьийла шуна Пийсик санна Бу ц1ен ши ког, До цо хи т1ехь Нека дика, Оьг1азъяхча, Лаг а дахдой, Хьодут1аьхьа «шашш-шашша» олий.
2. Дешархойн хьалхалера хаараш жигардахар. 1-ра тоба схьаязде дешхалхе орамца къаьстина яздина дешнаш, 2-г1а тоба схьаязде дешхьалхе орамца хоьттина яздина дешнаш. Чухохку, чу а хохку, д1атуху, д1а ца туху , т1ехьокху , т1е а хьокху, схьаязйо, схьа ца ца язйо, Аракхуссу , ара ца кхуссу. Дешхьалхенаш орамца къаьстина язйо къаьстина нагахь санна дешхьалхена , орамна юкъа ца , ма, а даг1ахь.
Керла дешнаш кхолла дешхьалхенех пайда а оьцуш. кхосса Д1а- кхосса Схьа- кхосса Чу- кхосса Т1е- кхосса Д1а- кхосса Хьала- кхосса Охьа- кхосса К1ел- кхосса Ара- акхосса
Дешнаш тобанашка декъар. Зурма ,зурманча,вота,вотанча, пондар, пондарча, ,х1орд,х1ордахо. -Д1адеша дешнаш. Шина тобане декъа уьш. Х1ун ду церан юкъара?
Х1уманаш Адамаш. . Вота- вотанча х1орд-х1ордахо пондар-пондарча зурма- зурманча
Уьш х1ун ю вайна хуур ду кроссворд вай юзахь. 1. Хилла яьлча яа ца мегарг(наьрс). 2.Шина ёлки юккъехь 1уьллу г1айба к1охцалашца(зу) 3.Логахь хаьрча,йовхо ло, Бераш ца шелдалийта , Ас г1о до. (шарф). 4. Машинаш б1аьрг.(фара) 5.Дитта т1ехь и ехаш ю, Къола дан и говза ю. (къиг) 6. Хуьлу сийна,хуьлу ц1ен, Дешархошна оьшуш ю, Йоза яздеш г1о деш ю (ручка). 7. Диттан хари чохь со еха, Доккха ц1ога ,хаза б1аьргаш, Б1араш суна дукха деза, Ж1аьлен нускалш цо дакъадо.(тарсал). Н АЬ Р С З У Ш А Р Ф Ф А Р А КЪ И Г Р У Ч К А Т А Р С А Л 1 2 3 4 5 6 7
Муьлха дош хили шун? (Суффикс). -Стенах лаьцна дуьйцур ду вай? -Стенах лаьцна дуьйцур ду вай тахана? (Суффиксах). -Х1ун кхиамаш бохур бу аша? Учебника т1ехь ялийначу материалах пайда а оьцуш ,дийца. Суна хуур ду… Суна 1емар ду… Ас дийр ду… -Х1ун ю суффикс? Бийца цуьнан меттиг.Г1уллакх. Меттиг орамна т1ехьа лаьтта Г1уллакх керла дешнаш кхуллу Суффикс – орамна т1ехьа а лаьтташ, керла дешнаш кхуллу дакъа ду.
Дечиг-дечиган Эчиг-эчиган Йишан-йишин Уьстаг1-уьстаг1ан Хаза-хазалла Дика-дикалла -Масозза хийцаделла дешанн маь1на.Х1унда боьлху дешархой школе? -Цара лелош дерг х1ун ду? Муьлш хуьлу уьш школехь? Деша-дешар-дешархо. -Х1унда воьду хьехархо школе ? (Хьеха). -Х1ун г1уллакх ду цо лелош дерг? (Хьехар). -Мила хуьлу иза хьоьхуш хилча? (Хьехархо). -Х1ун ю иза? (Дечиг-х1ума). -Х1ун ю шолг1ачу суьрта т1ехь? (Стол дечиган-билгало). Шардар № 208, аг1онаш 99-100 Х1ума билгало адам дешар дешаран дешархо зурма зурманан зурманча болх белхан белхало Учебникаца болх бар.
Шардар № 209, аг1о 100. Мангал+хо- мангалхо, хаза+лла-хазалла, ловза+р-ловзар, Пондар+ча-пондарча, ледар+ло-ледарло, дитт+ан-диттан (г1а), хаа+м-хаам, сара+г-сараг, ц1е +лиг-ц1елиг. Тобанашкахь болх бар
Маьлхан серло яржале — Цхьаъ — шиъ — кхоъ, Г1енаш лахка, човхаде — Цхьаъ, шиъ — кхоъ. Йиша, ваша г1аттаде -Цхьаъ — шиъ — кхоъ. Физзарядка йолае -Цхьаъ — шиъ -кхоъ. Т1аьхьараалар: Цхьаъ — шиъ — кхоъ, Цхьаъ — шиъ — кхоъ, Цхьаъ — шиъ — кхоъ, Цхьаъ — шиъ — кхоъ. Меттахвала, кхоссало Цхьаъ — шиъ — кхоъ, Г1аж схьалаца, кхозало — Цхьаъ — шиъ — кхоъ. Куьйгаш айба, волало — Цхьаъ — шиъ — кхоъ. Ницкъ бохьур бу боларо — Цхьаъ — шиъ — кхоъ. (Цугаев Салман)
Дешархошка шайга болх байтар. Шардар №210, аг1о 100. Дешнашкахь шиъ суффикс хуьлу. Диктант. -Х1унда доьлху бераш школе? -Муьлханиг ду дешархойн школехь долу г1уллакх? -Х1ун олу школехь доьшуш долчу берех? -Мосозза хийцаделла деша дешан маь1на? Муьлхачу декъо хийцина и дуьххьара? Шолг1а? -Х1унда воьду хьехархо школе? -Муьлха г1уллакх ду цо школехь коьрта лелош дерг? -Хьан хьоьху берашна ишколехь? -Х1унда воьду хьуьнах? -Муьлханиг ду хьуьнах воьдучу стеган коьрта г1уллакх? -Мила ву хьуьнхахь толлуш верг?
Орамна со т1ехьа лаьтта, Дашна керла маь1на ло, Цуьнца даим цхьана язйо, Х1ун дешдакъа хир ду со? Орамна со хьалха лаьтта, Дашна керла маь1на ло, Цуьнца даим цхьана язйо, Х1ун дешдакъа хир ду со? Гергарчу дешнийн юкъара дакъа Хуьлий со лела,хаалаш даим. Ойлаей,жоп ло, бе аьхь сан леерам Хуур ду хьуна буьйцург буй . Дешан чакккхенгахь со лаьтта, Керла дешнаш ас ца кхуллу, Нисйо х1ора дешан кеп, Предложенехь хилийта барт.
Учебникашца болх бар. Дешан х1оттам ДЕШХЬАЛХЕ ОРАМ СУФФИКС ЧАККХЕ ОРАМНА ХЬАЛХА А ЛАЬТТАШ ,КЕРЛА ДЕШНАШ КХУЛЛУ ГЕРГАРЧУ ДЕШНИЙН ЮКЪАРА ДАКЪА ДЕШАН ХИЙЦАЛУШ ДОЛУ ДАКЪА ОРАМНА Т1ЕХЬА А ЛАЬТТАШ , КЕРЛА ДЕШНАШ КХУЛЛУ
ТОБНАШКАХЬ БОЛХ БАР 1-ра тоба лла жима хаза кура лоха дика сиха
Караде дош. 2-г1а тоба У Ф Ф И С К С
КХОР КХАЧА К1АЖА 3-г1а тоба- деша дешнаш
4-г1а тоба- дешнийн лами бе х е х о хь а р х о юь р т а х о м а х к а х о м а н г а л х о
Хьелий оза р хо Ялта лело р хо 4-г1а тоба –дешнашна схеманаш кара е Язда р хо чо Язда р хо чун
Рефлекси. Шаьш хадабе шайн белхан мах «+» я «-» дуьллуш. Муьлхачу дашехь дерш ду цхьа орам болу дешнаш? а) деша, дешар, дешархо. аь) хьаша,хьашас,хьеше, хьешах. — Муьлха алар ду нийса? а) суффиксо керла дешнаш кхуллу. аь) суффиксо предложенерчу дешнашна юкъахь уьйр латтайо. Муьлха алар ду нийса? а)Суффикс орамна т1ехьа лаьтта аь) суффикс орамана хьалха лаьтта. + + +
Жам1 дар. -Муьлхачу дакъойх лаьтта дош? -Стенах олу суффикс? Ц1ахь бан болх балар. Шардар № 211, аг1о 101.
Выбранный для просмотра документ СУФФИКС_—_копия_—_копия.doc
1алашо: термин «суффикс» йовзийтар; суффиксан коьрта 1алашо (цхьанаораман дешнаш кхоллар) йовзийтар.
Юкъара дешаран ардам (УУД):
Предметни: 1емар ду сууффиксан г1оьнца керла дешнаш кхолла; хуур ду дешнашкахь суффикс каро, иза билгалъяккха; суффиксан ,дештаьхьенан цхьа г1уллакх дар хуур ду (цхьанаораман дешнаш кхоллан), башхаллаш евзар ю (суффикс орамана т1ехьа, дешхьалхе орамана хьалха лаьтташ хилар).
Регулятивни: хьехархочун г1оьнца урокан коьрта 1алашо билгалъяккха и кхочушъян нийса некъаш каро 1емар ду; хуур ду шшайн белхан нийса мах хадо.
Коммуникативни: 1емар ду хьехархочун хаттаршан дуьззина жоьпаш дала, шайн жоьпаш масалшца т1еч1аг1дан.
Х1ума довзаран: учебникаца ,шайн пайде йолчу материалаца болх бан хуур ду; ойлаяр, тидамбар кхуьур ду.
Личностни: дика деша лаам кхоллар.
Дешаре шовкъ кхоллар.
-Де дика хуьлда ,бераш!
-Вайн тахана нохчийн метан урок ю. Муьлхачу дог-ойланца йолайо аша х1ара урок?
-Д1абеша шайн кхайкхам.
Кийча д у тхо х1инца
Дерхой тхо ледара дац,
Вон деша тхо дагахь дац.
-Бераш, вай долчохь хьошалг1ахь ю , вайна массарна дукхаезаш йолу Маьлх -Аьзни .
— Мила ю Маьл-Аьзни?(Маьлх-Аьзни нохчийн туьйранийн турпалхо ю).
-Х1ун хаьа шуна цунах лаьцна? (Цо велларг денво хи а деана ,шеен нана тойира).
— Маьлх-Аьзни , цул совнаха, школехь дика доьшуш ю. Цундела дика доьшучу дешархошца доттаг1алла дезаш ю. Шуна лаьий цуьнца дотаг1алла лело?
-Т1аккха аша кхочушдан деза цо деана т1едахкарш.
II . Дешархойн хьалхалера хаарш жигарадахар.
-Х1етал-метал хаьийла шуна:
«шашш-шашша» олий. (Г1аз)
-Муьлха элп яздийр ду вай ц1енаязъярехь?
3. Тобанашкахь болх бар. (1-ра т1едиллар).
1-ра тоба схьаязде дешхалхе орамца къаьстина яздина дешнаш, 2-г1а тоба схьаязде дешхьалхе орамца хоьттина яздина дешнаш.
Чухохку, чу а хохку, д1атуху, д1а ца туху , т1ехьокху , т1е а хьокху, схьаязйо, схьа ца ца язйо, аракхуссу , ара ца кхуссу.
-Маса язйо дешхьалхе орамца къаьстина? хоьттина?
4. Дешхьалхенан коьртачу г1уллакхан тидам бар. (2-г1а т1едиллар).
-Муьлханиг дара дешхьалхенан коьрта г1уллакх? меттиг?
-Д1адеша дош. (Кхосса)
-Дешхьалхенех пайда а оьцуш , керла дешнаш кхолла.
(Дешархоша кхуллу керла дешнаш).
5. Дешнаш тобанашка декъар. (3-г1а т1едиллар).
Зурма , зурманча, вота , вотанча, понрдар , пондарча, болх , белхало.
-Д1адеша дешна. Шина тобане декъа уьш. Муьлха дешнаш далийна аша хьалхарчу тобане? (Зурма , вота, пондар , болх)
-Муьлхачу билгалонашца далийна аша уьш цхьана тобане? (Оцу дешнаша х1умнаш билгалйо).
-Муьлха дешнаш далийна шолг1ачу тобане. Муьлхачу билгалонашца далийна аша уьш цхьана тобане? (Цара адамаш билгалдо)
-Х1ун ду церан юкъара ? (Уьш шишша гергара ду)
-Билгалбаха орамаш. Муьлха дакъош диси орамна т1ехьа?(-нча-,хо-,-ло-).
-Хьанна хаьа уьш х1ун ю? (Берийн жоьпаш).
-Уьш х1ун ю хуур дув ай кроссворд нийса юзахь.
III . Хетачу аг1ор 1алашонаш х1иттор.Уьш кхочушъян некъаш билгалдахар.
1. Хилла яьлча яа цамегарг? (наьрс).
2.Шина ёлки юккъехь 1уьллу
3.Логахь хаьрча,йовхо ло,
5.Дитта т1ехь и ехаш ю,
Къола дан и говза ю.(къиг)
6. Хуьлу сийна,хуьлу ц1ен,
Йоза яздеш г1о деш ю (ручка).
7. Диттан хари чохь со еха,
Доккха ц1ога ,хаза б1аьргаш,
Б1араш суна дукха деза,
Ж1аьлен нускалш цо дакъадо.(тарсал).
-Муьлха дош х1оьтти охьанехьа? (Суффикс).
-Стенах лаьцна дуьйцур ду вай тахана урокехь? Д1аеша урокан ц1е.
-Муьлхачу хаттарна жоп лаха деза вай? («Стенах олу суффикс?»).
IV . Керла хаарш а, гIуллакх даран кепаш а кхоллар .
1. Суффиксан тидам бар.
Упражнени № 208 , аг1о 99.
-Д1адеша дешнаш кхоккха . Муьлха дешнаш ду уьш? (Гергара).
-Д1аязде дешнаш. Орам билгалбаккха.
-Муьлха дакъош диси шун орамашна т1ехьа? (-р, -хо, -ан, -ча,-ло).
-Д1адеша и дешнаш суффиксаш йолуш йоцуш. Х1ун хийцамаш би суффиксо? (Дешнийн маь1наш хийци, керла дешнаш кхоьлли).
-Д1аеша 100-г1а аг1онна т1ера бакъо?
-Стенгахь лаьтта иза?
-Муьлханиг ду суффиксан коьрта г1уллакх?
3. Тобанашкахь болх бар
Шардар № 209, аг1о 100.
Мангал+хо- мангалхо, хаза+лла-хазалла, ловза+р-ловзар,
Пондар+ча-пондарча, ледар+ло-ледарло, дитт+ан-диттан
(г1а), хаа+м-хаам, сара+г-сатаг, ц1е +лиг-ц1елиг.
V . Сада1аран миноташ.
VI . Пайдаэцар — хаарш а, шардалар а кхоллар.
1.Дешархошка шайга болх байтар.
-Д1адеша т1едиллар. Муха кхочушйо упражнени?
(Дешархоша шаьш кхочушйо упражнени).
-Д1адеша дешнаш шайца суффиксаш йолуш ,йоцуш. Стенан тидам би аша? (Суффиксо керла маь1на долуш дешнаш кхуллу).
2. Дешнашкахь шиъ суффикс хиларан тидам бар.
-Х1унда доьлху бераш школе?
-Муьлханиг ду дешархойн школехь долу г1уллакх?
-Х1ун олу школехь доьшуш долчу берех?
-Мосозза хийцаделла деша дешан маь1на? Муьлхачу декъо хийцина и дуьххьара? Шолг1а?
-Х1унда воьду хьехархо школе?
-Муьлха г1уллакх ду цо школехь коьрта лелош дерг?
-Хьан хьоьху берашна ишколехь?
-Х1унда воьду хьуьнах?
-Муьлханиг ду хьуьнах воьдучу стеган коьрта г1уллакх?
-Мила ву хьуьнхахь толлуш верг?
3.Карточкашца болх бар.
Дар билгалден дешнаш.
Х1уманаш билгалъен дешнаш.
Адамаш билгалден дешнаш.
Хьенан? стенан? хаттаршан жоьпаш лун дешнаш .
1. Д1адеша туьйра. Караде гергара дешнаш.
Бехаш бара лулахой: лекха лам, баьццара хьун. Бертахь а ,хаза а дехара уьш. Уьш бератхь а хаза а, дахаро гонах мел долу садолух1ума а , адам а дара ирсе а , могаш а дехаш.
Цхьана дийнахь хьуьнхо веара лам болчу дагавала. Цо элира , ша ларъеш йолу хьун мажлуш , кхиарехь сецна ю, иза х1аллакьхила герга ю. Ойлайира ломо. Цо схьакхайкхира шен гергара нах ,хьуьнан г1о дан. Схьакхечира ламанан шийла шовда. Цо шеен сирлачу хица 1абийра хьун. Сенъяла йолаелира хьун. Схьакхечира ламанхой. Цара дакъаделла битташ д1а а ,дохуш керла синтарш дийг1ира, нуьнхахь хила ца еза нехаш д1аехира. Хьалхачулла а хазъелла д1ах1оьттира хьун. Хьалхачул ирсе бехира : ламанхой, ламанан шовда, лам, хьун , хьуьнхо,хьуьнан 1алам.
4. Дешан х1оттам таллар.
-Х1ун ю орам? чаккхе? суффикс? дешхьалхе?
5.Тобанашкахь болх бар.
-Маьлх-Аьзнис шуна деана самукъане т1едахкарш.
1-ра тоба- аша горгалиш чохь долчу элпаш нийса хоттахь ,шуна дош карор ду.
2-г1а тобадешнийн лами нисбе.
3-г1а тоба- ребусаш еша еза.
4-г1а тоба – зезаг дуза
. Суффиксаш йолу дешнаш билгалдаха.
5-г1а тоба , схемина дош караде
Шаьш хадабе шайн белхан мах «+» я «-» дуьллуш.
Муьлхачу дашехь дерш ду цхьа орам болу дешнаш?
а) деша, дешар, дешархо.
аь) хьаша,хьашас,хьеше, хьешах.
Муьлха алар ду нийса?
а) суффиксо керла дешнаш кхуллу.
аь) суффиксо предложенерчу дешнашна юкъахь уьйр латтайо.
Муьлха алар ду нийса?
а)Суффикс орамна т1ехьа лаьтта
аь) суффикс орамана хьалха лаьтта.
-Стенах олу суффикс?
-Муьлханиг ду цуьнан коьрта г1уллакх?
-Стенгахь хуьлу и дашехь?
Упражнени № 211 , аг1о 101.
Доккхачу лаьтта т1ехь
Хиллера ц1ийх боьлла
Къайленаш соь юьйцуш
Соь ницкъ лург хиллера
Серло лург хиллера
Диканехь я вуонехь
К1орггера ян воьлча
Эхь, иман я г1уллакх,
Хьекъал лург хиллера
Бицбина вехаш верг
И саннарг карор бац
Выберите книгу со скидкой:
Музыкальные инструменты (плакат)
Ваш голос: Секреты вокального мастерства
Спортсмен, музыкант, поэт, математик? Как выявить и развить способности вашего ребенка (обложка с клапанами)
Математика. Новый полный справочник школьника для подготовки к ЕГЭ
Дошкольная педагогика с основами методик воспитания и обучения. Учебник для вузов. Стандарт третьего поколения. 2-е изд.
Считаю и решаю: для детей 5-6 лет. Ч. 1, 2-е изд., испр. и перераб.
Начинаю считать: для детей 4-5 лет. Ч. 1, 2-е изд., испр. и перераб.
Считаю и решаю: для детей 5-6 лет. Ч. 2, 2-е изд., испр. и перераб.
Пишу буквы: для детей 5-6 лет. Ч. 2. 2-е изд, испр. и перераб.
Русско-английский словарик в картинках для начальной школы
ОГЭ. Литература. Новый полный справочник для подготовки к ОГЭ
БОЛЕЕ 58 000 КНИГ И ШИРОКИЙ ВЫБОР КАНЦТОВАРОВ! ИНФОЛАВКА
Инфолавка — книжный магазин для педагогов и родителей от проекта «Инфоурок»
VI Международный дистанционный конкурс «Старт»
- 16 предметов
- Для учеников 1-11 классов и дошкольников
- Наградные и подарки
Номер материала: ДБ-634453
Добавляйте авторские материалы и получите призы от Инфоурок
Еженедельный призовой фонд 100 000 Р
Не нашли то что искали?
Вам будут интересны эти курсы:
Оставьте свой комментарий
Ответственность за разрешение любых спорных моментов, касающихся самих материалов и их содержания, берут на себя пользователи, разместившие материал на сайте. Однако редакция сайта готова оказать всяческую поддержку в решении любых вопросов, связанных с работой и содержанием сайта. Если Вы заметили, что на данном сайте незаконно используются материалы, сообщите об этом администрации сайта через форму обратной связи.
Все материалы, размещенные на сайте, созданы авторами сайта либо размещены пользователями сайта и представлены на сайте исключительно для ознакомления. Авторские права на материалы принадлежат их законным авторам. Частичное или полное копирование материалов сайта без письменного разрешения администрации сайта запрещено! Мнение редакции может не совпадать с точкой зрения авторов.
Источник статьи: http://infourok.ru/otkritiy-urok-po-chechenskomu-yaziku-na-temu-deshan-hottam-suffiks-2056448.html